«Барт хиларехь — цхьаалла» форумехь дакъалаьцна С-М.Башировс

Йерригроссин «Барт хиларехь — цхьаалла» II-чу форумехь дакъалаьцна НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Баширов Сайд-Мохьмада.

Цуьнан гурашкахь докладаш йира Россерчу халкъийн этнокультурин тайп-тайпаналла Ӏалашйаран а, къаьмнийн йукъаметтигаш чӀагӀйаран а декъехь цӀейахханчу говзанчаша.

Нохчийчоьнан векала Баширов Сайд-Мохьмада а йира доклад — «Къаьмнийн вовшашца йолу а, дуьненайукъара а йукъаметтигаш чӀагӀйаран декъехь халкъан дипломати а, гуманитарин программаш а» темина лерина йара иза.

Билгалдоккху и форум вовшахтоьхнарг Россин халкъийн цӀа а, Къаьмнийн гӀуллакхийн федеральни агентство а, Самарин областан Правительство а хилар.

2 дийнахь лаьттинчу цуьнан гурашкахь дакъалаьцна 70 сов субъектан 150 сов дакъалацархочо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: