Къоначу хьажархочун – ГIалгIайчохь театр хьошалгIахь

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин къоначу хьажархочун  театран актерийн кхоллараллин тоба луларчу ГIалгIайн Республикехь хилира.

Назрань гIалин берийн бешарчу хьовсархошна Перро Шарлан «Кот в сапогах» туьйранан постановка кечйинера Соьлжа-ГIалара яханчу труппо. Спектаклан режиссер-постановщик Россин Федерацин хьакъволу артист В.Домбровский ву, спектаклан исбаьхьаллин куьйгалхо Н.Кашенина ю.

Туьйранехь  коьрта ролаш ловзош бара: Менестрелан, Жанан  ролаш – Мусраев Ислам, адамаш дуург – Юнусханов Мохьмад, Цициг Муран – Вискаева Люба, паччахь – Гелагаев Мовлада, паччахьан йоI – Цыбаева Таиса, гIуллакх дан чухIоьттинарш – Тутушев Тамерлан, Эльбазурова Хьалимат, Хасуева Малика.

«Кот в сагопах» туьйра вайн республикерчу берашна дукха деза делла, церан дехарца уггаре а дукха гойтуш долу туьйра ду.

Цундела дара вайн актераша иза луларчу республикерчу берашна гайта кечар а.

Бераша бакъйина тIелоцура туьйранера хIора минот, хIора турпалхо. Церан къегина, самукъане духарш, сценина йина хаза декораци, актерийн говза ловзарш – и дерриге а лаккхарчу тIегIанехь хилар билгадира берийн бешан белхахоша. Шайн берийн иштта самукъадалар  доккха ирс хетачу цара баркалла элира нохчийн актерашна. Туьйра хаза хIоттийна дара, ткъа лулахойн берашна спектакль эцна нохчийн актераш ГIалгIайн махка бахар а хаза гIиллакх дара.

З.ХИЗИРОВА

№ 70, еара, 25 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: