В.Путина цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Р.Кадыровца

Селхана Сочехь Хонкаран Президентаца шен хиллачу цхьаьнакхетарал тӀаьхьа Нохчийчоьнан Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Путин Владимира.

Республикин Куьйгалхочо хаийтина цигахь Нохчийчоьнан социальни-экономикин кхиаран а, туризман а гӀуллакхаш а, республикера хьал а дийцаре дина хилар.

Цул сов, Донбассехь дӀахьочу операцехь дакъалоцуш болчу нохчийн бӀаьхойх лаьцна а дийцина цигахь.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхина Россин Президента цаьрга доккха маршалла а, Даймахкана муьтӀахь а, тешаме а хиларна, доккха баркалла а даийтина хилар.

Иштта, Лаккхарчу Коьртачу буьйранчин Путин Владимиран омра дуьненан муьлххачу а маьӀӀехь кхочушдан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командан векалш кийча хилар ша йуха а карладаккхар а тӀетоьхна Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: