ГаланчӀожан кӀошта ток йигаран болх жигара дӀахьош бу

ГаланчӀожан кӀошта ток йигаран болх теллина «Чеченэнергон» урхалдаран директоран декхарш кхочушдечу Кадиров Ӏийсас.

Хууш ма-хиллара, и белхаш даханчу шеран чаккхенехь дуьйна дӀаболийна а, жигара дӀахьош а бу.

20 гергга техника а, 50 гергга белхало а ву оцу меттахӀотточу кӀошта ток йигаран декъехь къахьоьгуш.

Хила дезачу 130 км токан асанех (10 кВ, 0,4 кВ) 53 км асанаш хӀинцале а дӀатийсина цара.

Иштта, дӀахӀотто йезаш трансформаторан 24 подстанци а йу церан.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: