Керла 3 ишкол схьайоьллур йу Хьалха-Мартан кӀоштахь

Дешаран керлачу 2022-2023 шарахь 2 544 меттигна лерина 3 ишкол схьайоьллур йу Хьалха-Мартан кӀоштахь:
• 600 меттигна лерина а, №6 йолу а ишкол — Гихтахь;
• 720 меттигна лерина а, №4 йолу а ишкол — Йоккхачу АтагӀахь;
• 1 224 меттигна лерина а, №11 йолу а ишкол — Хьалха-МартантӀехь.

«Дешар» къоман проектан гурашкарчу «Кхузаманахьлера ишкол» федеральни проектаца йина йу и кхуьй а.

Кеста схьайелла леринчу оцу ишколашкахь хилла Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министран заместитель Зубхаджиев Мохьмад-Ӏела.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: