Украинехь дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалаца шайн лаамехь боьлхучеран рогӀера тоба дӀайахана А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу аэропортера.

Оцу хьокъехь хаам бинчу Кадыров Рамзана билгалдаьккхина церан могӀарехь тайп-тайпанчу халкъийн векалш хилар, шайн Ӏалашо Донбассерчу республикийн бахархой ларбар а йолуш.
Иштта, Россин спецназан университетехь (Гуьмсе) уьш Ӏаморан болх дӀабахьар а тӀетоьхна цо.
Уьш новкъабахарехь дакъалаьцна республикин Парламентан спикера Даудов Мохьмада а, Экономикин а, йукъараллин а кхерамазаллин кхеташонан секретара Алаудинов Аптис а, кхечара а.