Билгалдаккха деза, Россин Президентан Путин Владимиран Кадыров Ахьмад-Хьаьжица хиллачу йукъаметтигашкахь хилла йовхо, аьхналла В.Путинан а, Р.Кадыровн а йукъаметтигашкахь хIинца а хилар. Амма цунна тIекхетта федерацин Президентана Кадыров Рамзан тешаме хилар а, муьтIахь хилар а, баркаллин ойланехь хилар а, хIунда аьлча, цунна цкъа а дагара ца долу Ахьмад-Хьаьжица цхьаьна, нохчийн халкъ хIаллакьхиларх лардинарг, халчу киртигехь даггара цунна гIо динарг, оцу хенахь Россехь уггаре а чолхе субъект цунах тешийнарг В.Путин хилар.

В.Путинан а, Р.Кадыровн а барт-марзо чIагIйо кхузаманан Нохчийчоьнан дуккха а проблемаш дIайахаран некъаш гар шинненан а цхьабосса хиларо, хьежамаш цхьаъ хиларо.
Кадыров Рамзана дог-ойла гIаттарца тIе а ийцира, гIо а лецира 2006-чу шарахь Россин Федерацин Президента амнисти йаран хьокъехь динчу дIадолоран. Цуьнца нийса а догIуш, амнисти йийр йолуш йара герзашца а йолуш, законехь йоцчу гIеранашна йуккъера шайн лаамехь дIабевллачарна.
Журналисташна йеллачу интервьюхь цо элира: «Кхолладеллачу хьолехь и документ Iаламат чIогIа оьшуш ду, хIунда аьлча, республика когахIотта йолайелла. Иза ца гойла дац лаьмнашкахь лечкъачу Нохчийчоьнан бахархошна».
Мехкан Президентан дIадолор Къилбаседе Кавказан йерриге а регионна мехала хилар а, цкъа дешарца и документ тIеэцначу Пачхьалкхан Думин депутатийн политикин хьикмат а билгалдаьккхина, нохчийн тхьамдас тидам тIебахийтира «цо НВФ-н векалшна а, боевикашна а гIодар бахьанехь, Россин Къилбе федеральни округехь лечкъаш болчарна а таро лур йу, лечкъаш а ца лелаш, машаре дахар дIахIотторехь дакъалаца».
В.Путинан и дIадолор тоьшалла дара Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа кхелхинчул тIаьхьа а Россин куьйгаллин субъектехь дIахьош йолу политика хийцайелла цахиларна.
ТIаьхьуо Россин Президента В.Путина иза тIечIагIдира Нохчийн Республикин Президентан дарже Кадыров Рамзанан кандидатура хьалха а теттина.
Республикехь цул тIаьхьа хиллачу хиламаша гайтира Россин баьччас бина хилларг беккъа цхьаъ бен боцу нийса сацам хилла хилар. Амма и сацам тIеоьцучу хенахь Россин политикин элитина дIора гуш а дацара иза нийса хилар.
Хала дара В.Путинна оцу киртигехь нийса харжам бан, хIунда аьлча, харжам нийса ца баро цIеххьана йуха а карзахдаккха тарлора Нохчийчуьра хьал. Цуьнан тIаьхьенаш муха хила тарло а ца хаьара.
Россин Президентана чIогIа мехала дара республикин куьйгалле Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Нохчийчохь машар барехь а, пачхьалкхан Iедалан органаш вовшахтохарехь а баьхна кхиамаш, дина гIуллакхаш лардина ца Iаш, субъект социально-экономикин кхиоран чолхе декхарш кхочушдан хьуьнаре волу стаг хIоттор.
Ахьмад-Хьаьжас, ша даима а шен дегI кхерамна кIел туьйсуш лелаш вуйла хууш, шен кIант, цкъа мацца а ша воцуш виса тарлуш хиларна кечвеш, цуьнга олура: «Рамзан, нагахь хьо тезетахь а, иза дIадирзича а бIаьрхиш Iенош Iахь, ас мел лелийнарг, ас мел динарг довр ду хьуна. Цхьа а хIума дуьсур дац хьуна…».
Рамзана, шена мел хала хиллехь а, кхочушдира шен ден весет — Ахьмад-Хьаьжас долийна хилла гIуллакхаш чекхдехира цо, шен берриге а лаам, ницкъ, тешам «буйна а берзийна».
Нохчийчоьнан хьалхарчу Президентан бIанакъосташна гира иза шен ден хила хьакъволу кIант хилар, республикин кхолламах долу жоьпалла тIелаца хьуьнар долуш и цхьаъ бен цахилар.
Иза ца гойла дацара мехкан куьйгаллина а… В.Путина шен харжам бира. Кхелхинчу шен доттагIчун сий дар хилла Iаш дацара иза — уггаре а хьалха, Рамзанах теша а тешна, политикин-прагматикин гIулч йара цо йаьккхинарг… Россин Президент тийшира Р.Кадыров шена тIедехкинчу Iаламат чолхечу декхаршца ларориг хиларх.
Нохчийн Республикин Президентан декхарш ханна кхочушдар шена тIедиллинчул тIаьхьа долчу шен дIахьедарехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира: «Республикин куьйгаллехь хийцамаш бар суна АллахIана а, нохчийн халкъана а хьалха тIехдоккха жоьпалла ду. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командина хьалха, хьалха а санна, экономика а, социальни дакъа а меттахIотторехь вуно даккхий декхарш лаьтта. Россин Федерацин Президентан В.Путинан сацамо Нохчийн Республикин куьйгаллина тIедуьллу кхин а доккхачу хьуьнарца, ницкъаш алсам бахарца къахьегар. Ас дукхазза а баьхна бакъонца шен халкъан, мехкан патриот лоруш волчун вуно дика аьтто бу, ша муьлххачу даржехь велахь а, дашца а доцуш, дечу гIуллакхехь билгалвала. Вайх хIоранна а хьалха лаьтта вайн бахархошна, маьрша, токхе дахар хилийтарна кхачойаран декхар. Со тешна ву кестта Нохчийчоьнан экономика сихха кхиоран масал хилла дIахIуттург хиларх. Цунна оьшу йерриге а таронаш йу вайн. Уггаре а коьртаниг – халкъ ду маьрша даха лууш, цIиндала лууш. Къуьйсийла дац, Россин Президентан гIо-накъосталла ца хиллехь, цуьнан ондда политикин лаам ца хиллехь, тIаьхьарчу шерашкахь вайн республикехь хилла болу дика хийцамаш хилла хир бацара. Таханлерчу денна динарг Iаламат дукха ду. МеттахIиттийна дийнна гIаланаш, йарташ, ишколаш, больницаш, Соьлжа-ГIалахь баккхийчу барамашкахь дIадолийна гIишлошйар. Эххар а, адамашкахь кханене тешам а, дахар ирсе а, синтеме а, токхе а хирг хиларе сатийсам кхоллабелла».
Кадыров Рамзана дIагайтира Россин Президента бинарг нийса харжам хилар.
Билгалйинчу Iалашоне кхача болчу инзаре боккхачу лаамо а, иймано а, син чIагIалло а, шен халкъе болчу доза доцчу безамо а, цуьнан аьттонан дуьхьа иза шен са дIадала кийча хиларо а кхачийра республика когахIотторехь бIаьрла кхиамаш бахаре, иза массара а къобалвеш тIеэцаре.
Шен дас Ахьмад-Хьаьжас баьхна кхиамаш кхин а дебийра Рамзана… ДIадаьхьира Нохчийчохь пачхьалкхан Iедалан органаш вовшахтохар.
Цуьнан дIадолорца республикехь дIадаьхьира Парламенте а, Iедалан меттигерчу органашка а харжамаш бар. МеттахIитторан програмашна ахча схьахецаре ца хьоьжуш, тарлуш долчу дерриге а некъашца харжаш лоьхуш, шена доккха жоьпалла тIелоьцуш, Нохчийчоьнан йарташ а, гIаланаш а саьлнашкара гIаттийра цо, ткъа Соьлжа-ГIала, Къилбаседе Кавказехь а уггаре а хазачу шахьарех цхьаъ а йина, къагийна дIахIоттийра.
Тешна хиларца чIагIдан мегар ду нохчийн махкахь маьрша хан дIахIоьттина хилар а, республика кхуьуш хилар а, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Россин Президентан а йукъаметигаш, хьалха а санна, дика хилар а, и шиъ вовшах тешаш а, кхеташ а хилар а.
Зорбане кечйинарг – Д.АНАДЕВ