Спортан хаамаш

Кхаа нохчичун – кхо толам

Чекхдаьллачу к1ирнах Екатеринбург г1алахь «VIP Boxing TV Party» ц1е йолчу корматаллин боксан шоухь дакъалецира Нохчийн Республикерчу «Ахмат» клубан векалша Устарханов Аптис а, Юсупов Мовсара а, Мурзабеков Висхана а.

Дег1ан йозалла 76 кийла йолчу категорехь ялх раундехь лаьтташ долчу латарехь Устарханов Апти цхьаьнакхийтира Краснолуцкий Антонца. Нохчичо йоьалг1ачу раундехь технически накаут ца толам баьккхира шен «довхочунна» т1ехь.

Дег1ан йозалла 79 кийла йолчу категорехь леташ Юсупов Мовсар ялх раундехь летира Чимидов Маркца. Вайн махкахо жимма т1ах-аьлла тасаваларна суьдхоша толам нохчичунна белира.

Иштта оцу къийсадаларийн коьртачу латарехь дег1ан йозалла 69 кийла йолчу категорехь Мурзабеков Висхана эшийра Оскар Роберто Медина. И толам нохчичун т1ек1ал цхьайтталг1а бара.

М.Вахаевн дашо мидал

Х1окху деношкахь Ставрополь г1аларчу «Муссон» олучу спортан комплексехь д1аяьхьира кхиазхошна юкъахь боксехула Россехь хьалхеяккхаран чемпионат. Оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш вайн махкара тайп-тайнапчу регионашкара 500 спортсмен вара. Царна юкъахь Нохчийн Республикера 7 боксер а вара.

Дег1ан йозалла 41 кийла йолчу категорехь Вахаев Мухьаммада шен хьалхарчу тасадаларехь атта эшийра Якутера т1ах-аьлла спортсмен. Цул т1аьхьа толамаш бехира къоначу боксера. Иштта турниран коьртачу латарехь х1ири эшорца Вахаев Мухьаммада дашо мидал яьккхира.

А.АДАМОВ

№ 70, еара, 25 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: