Донецкан Халкъан Республикерчу Соледар гӀалахь йолу Knauf завод а, цунна гуонахара майда а лерринчу Ӏалашонийн «Ахмат» тобанан Ӏуналлехь йу.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бинчу Кадыров Рамзана билгалдаьккхина «Ахмат» тоба а, Луганскан Халкъан Республикин Халкъан милицин 2-гӀа корпус а болх цхьаьна беш хилар.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцарехь, вайн салтий тӀебогӀуш хиларца а доьзна, мостагӀий, шаьш чӀагӀйина туьшаш а йуьтуш, дӀауьдуш бу.
Алссамчу муьрехь гӀаролехь латтаран Ӏалашонца кечйина чӀагӀаллаш уьш хиларх а, хьал, хӀоразза а санна, бӀостанехьа ду — мостагӀ, лакхахь билгал ма-даккхара, уьдуш ву.