Кадыров Рамзан: Вайн неӀарш йиллина йу туркойн вежаршна

«Туркойн вежаршна йиллина йу тхан неӀарш», — иштта дӀахьедар дина Кадыров Рамзана.

ХӀокху деношкахь Россин Президентан Путин Владимиран а, Хонкаран Президентан Эрдоган Реджепан а Сочехь хиллачу цхьаьнакхетарехь даьккхина сурт довзийтина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

«ДоттагӀий, Россин а, Хонкаран а йукъаметтигаш керлачу тӀегӀане йовлуш хиларна со чӀогӀа воккхавево», — йаздина цо.

Цул сов, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас туркойн халкъ чӀогӀа лоруш, сих-сиха оцу махкахь хуьлуш хилла хилар а хаийтина Кадыров Рамзана, туркойн махке изза дог-ойла шен а хилар тӀе а тухуш.

Иштта, нагахь туркойн Ӏедалан векалш Нохчийчу бахкар хилахь, османийн куц-кепехь дина иттаннаш маьждигаш а, нохчаша хьеший тӀелацар а шайна дайча, царна шаьш цӀахь болуш санна хеталург хилар а билгалдаьккхина республикин Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзанна хетарехь, туркойн а, нохчийн а культурехь а, исторехь а йолчу йукъарлонех пайда а оьцуш, социальни а, экономикин а дакъошкахь керла йукъаметтигаш кхолларехь къахьега таронаш йу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: