Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца а догӀуш, Москвахь хилла вайн мехкан векалш.

Куьйгаллехь республикин Премьер-министр Хучиев Муслим а волуш болчу церан цхьаьнакхетар хилла Россин Ӏилманан а, лаккхарчу дешаран а министраца Фольков Валерийца.
Цигахь, коьртачу декъана, дийцаре дина «Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъара университет» инвестицийн проектан буха тӀехь Москван пачхьалкхан университетан филиал кхолларан гӀуллакх.
Цул сов, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Нохчийн пачхьалкхан университетана дешаран-лабораторийн майданаш кхолларан гӀуллакх а айъина.
Иштта, тидамза ца дитина Соьлжа-ГӀалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетана оьшучу гӀишлойн комплекс йар а.
Оццу университетан карбонан полигонан буха тӀехь кластер а, хаамаш Ӏалашбаран система а кхолларан гӀуллакх маьӀне хиларан хьокъехь а дийцина.
Фольков Валерийс билгалдаьккхина оцу цхьаьнакхетарехь Нохчийчоьнан векалша мел айъина гӀуллакхаш толлург а, гӀо-накъосталла а хирг хилар.