Берийн беш а, ишкол а схьайиллина Кадыров Рамзана

240 меттигна лерина «Бералла» берийн беш а, 720 меттигна лерина №4 йолу ишкол а схьайелларехь дакъалаьцна Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Йух-йуххехь йина и ший а объект Соьлжа-ГӀаларчу БойсгӀаран кӀоштахь йу.

Берийн бешахь а, ишколехь а кхоьллина мел оьшуш долу хьал.

Хьалхарчух аьлча, билгалдаккха догӀу иза садаӀаран а, Ӏаморан а, кхачанан а чоьнех а, библиотеках а лаьтташ хилар, уьйтӀахь ловзаран майда а йолуш.

Ишколехь а йу дешаран а, кхачанан а чоьнаш, садаӀаран майданаш, библиотека, иштта, гуламан а, спортан а залаш.

Цуьнан уьйтӀахь, кхеташ ма-хиллара, футболан майда а йу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: