Йуьртан бахаман дакъа кхуьуш ду вайн махкахь

Йуьртан бахаман дакъа кхиорехь а, кхиарехь а вайн махкахь баккхий гайтамаш хилар билгалдаьккхина Кадыров Рамзана.

Республикин Куьйгалхочо дийцарехь, куьйгаллехь Закриев ИбрахӀим а волуш, Нохчийчоьнан йуьртан бахаман министерствос эвсаре болх баро Нохчийчуьра агропромышленностан комплекс керлачу тӀегӀане йаьккхина.

Иштта, йалташ дӀадеран майданаш а 303 эзар га бараме йаьхна, йеш 50 эзар тонна бараман элеватор а йу.

Цул сов, йуьртабахаман сурсаташца доьзна гӀуллакх а, цуьнца йоьзна долахойн бизнес-проекташ а кхуьуш хиларна тӀе а тидам бахийтина Кадыров Рамзана.

«Чуьрчу а, арарчу а рынкашкахь йоккха хьашто йолуш ду нохчийн сурсаташ«, — йаздина цо.

Даханчу шарахь шен болх дӀаболийна а, йуьртан бахаман декъехь къахьоьгучарна шех доккха гӀо-накъосталла хилла а машинийн-технологийн «Стандарт-С» компанин болх а хастийна Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: