«Терек» – «Вардар» – 1:0

632049143

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу «Тереко» дIадолийра Россехь хьалхеяккхаран рогIерчу чемпионатна кечамбар. 22-чу июнехь вайн республикин коьрта команда доттагIаллин матчехь цхьаьнакхийтира Македонин чемпионаца Скопье гIаларчу «Вардарца».

Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара командин тергонехь  болу защитникаш Григалашвили Тедо а, Шимпельсбергер Майкл а. Иштта цхьана шарахь Махачкаларчу «Анжи»  юкъахь  арендехь левзина волу вайн махкахо Митришев Мохьмад а.

ДоттагIаллин матчехь соьлжагIалахошца левзина йолу Скопьера «Вардар» Македонехь уггаре а тоьллачех команда ю. Иза  шайн мехкан бархIаза чемпион ю. Иштта пхоьаза кубок а яьккхина. «Вардар» шайн мехкан футболан исторехь еккъа цхьа команда бен яц Македонин хьалхарчу лигин массо а чемпионатехь дакъалаьцна.

Вовшашкахь хIун доллу хьожуш дIадоладелира цхьаьнакхетар. Матчехь дуьххьара счет схьаелла герга вара Дашян Артак. Амма цо тоьхна буьрка Годзюр Ярослава лардечу кевна ши-кхо сантиметр уллехула елира. Цул тIаьхьа къона соьлжагIалахочун  Кадыров  Халидан аьтто бара «хьешийн» кевна буьрка тоха. Бакъду, иза а шен Iалашоне ца кхачавелира. Жим-жимма йолалуш Соьлжа-ГIалара «Терек» гIолехь ловза йолаелира. Иштта, 32-чу минотехь Лебеденко Игора шега дукха дика елла йолу буьрка чутуьйхира Митришев Мохьмада. Хьалхара тайм чекхъялале счет йоккха ян аьттонаш бара соьлжагIалахойн, амма серлонан таблона тIехь догуш 1:0 долуш садаIа бахара футболисташ.

ШолгIачу таймехь шинна а агIорчара кхераме тIелатарш дора. Чутоьхчахьана волуш Айссати Исмаила дукха дика елла йолчу буьрканех пайда ца ийцира Мбенгуе Аблайс. Иштта матч чекхъяла герга йоьдучу хенахь Фелипе Хуонан аьтто бара счет дIанисъян. Амма чу яхна яьлла хетачу хенахь вайн защитника Родолфа юха туьйхира буьрка.

ЖамI 1:0 долуш толам баьккхира Соьлжа-ГIаларчу «Тереко».

А.АБДУЛАЕВ

№ 70, еара, 25 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: