Урхалдаран компанешка болх бойту Прокуратурин органаша

Карарчу хенахь Нохчийчохь болх беш урхалдаран 33 компани а, хӀусамийн долахойн 15 накъосталла а йу.

Церан Ӏуналлехь дукхапетарийн 1 688 цӀа а ду, царах дукхахйерш шайн декхаршца ларош а йац.

Тахана ша дӀайаьхьначу пресс-конференцехь иштта дӀахьедар дина республикин Прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис.

Цо дийцарехь, оцу декъера хьал хийцаран Ӏалашонца дӀахьош боккха болх бу Прокуратурин органаша.

Цул сов, урхалдаран компанийн а, хӀусамийн долахойн накъосталлийн а декхарш а, церан Ӏалашонаш а ца йевзаш бахархой хилар а кхачамбацарийн могӀаре даьккхира мехкан Прокурора.

«Урхалдаран компанеша йа шайн болх банне а ца бо, йа наггахь бо. Вайн адам чӀогӀа тешаш ду… Урхалдаран компанеша иза йа кхин дар шайн болх, декхар дац аьлча, царах а теша. Цхьайолчу компанеша бийриг цхьа болх бу — нехан дехарш, косташ кхечаьрга дӀасатийсар«, — дийцина Абдул-Кадыров Шарпуддис.

И гӀуллакхаш Прокуратурин органаша тидамехь латтош а, оцу компанешка болх бойтуш а хилар хаийтина цо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: