Нохчийн а, гуьржийн а йукъаметтигашна лерина цхьаьнакхетар

Нохчийн а, гуьржийн а халкъийн йукъаметтигашна лерина цхьаьнакхетар дӀадаьхьна тахана Соьлжа-ГӀалахь.

Шайх Арсанов Денин цӀарахчу меттанийн ишколехь вовшахтоьхна иза «Халкъийн вежаралла — тӀаьхьалуонийн чкъурийн беркатечу дахаран закъалт» темина лерина дара.

Цуьнан гурашкахь, докладаш а йеш, дакъалецира Нохчийн-гуьржийн доттагӀаллин комитетан а, «Орца» агентствон а, Йукъараллин палатин а, «Кавказский миротворческий форум» йукъараллин а, кхийолчу кхоллайаларийн а векалша.

Къаьсттина тидам тӀебахийтира шина халкъана йукъахь туризман а, культурин а, кхидолчу а дакъошкахь а йукъаметтигаш а, зӀенаш а чӀагӀйарна а, и.д.кх.а.

Гуьржийчоьнан Ӏедал, Ӏамаркан векалшка ла а доьгӀуш, гуьржийн а, нохчийн а йукъаметтигаш чӀагӀйаларна дуьхьало йеш хиларх а, гуьржашна нохчашца йолу зӀенаш а, йукъаметтигаш а маьӀне хиларан хьокъехь барт а хилира дакъалацархойн.

Иштта, гуьржийн йукъараллашца а, боламашца а онлайн рожехь конференцеш а, цхьаьнакхетарш а дӀадахьаран гӀуллакхна тӀехь къахьегар а къобалдина цара.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: