Дуй а хууш дина зуламаш (билгалдаьхнарш) 30%-на лахделла 2022-чу шеран хьалхарчу эхашарахь. Иштта хаам бина селхана ша дӀайаьхьначу пресс-конференцехь Нохчийчоьнан Прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис.

Цо дийцарехь, вайн махкахь зуламаш даран тӀегӀа Россехь а уггаре а лахарчех ду.
Билггал аьлча, 100 эзар вахархо схьаэцча, царна йукъахь 90 зулам бен нислуш дац.
Вуьшта, лахделла бакъо а йоцуш наркотикийн хӀуманех пайдаэцар (-35,4%), бакъо а йоцуш герзаш лелор (-62,2%), некъан боламан бакъонаш талхор (-11,8%), терроризман декъаца йоьзна бакъонаш талхор (-42,7%), и.д.кх.а.
Делахь а, цхьадолчу дакъошкахь зуламаш дар а алсамдаьлла:
• Даржехь харцо йар (8 зулам/+4 зулам);
• Даржал тӀехвалар (8 зулам/+8 зулам);
• Экологин декъехь бакъонаш талхор (22 зулам/+9 зулам).
Ш.Абдул-Кадыровс хаийтина зуламхошца а, бакъонаш талхочаьрца а къийсам латторехь Нохчийчоьнан Прокуратуро махкарчу бакъонаш ларйаран органашца цхьаьна къахьоьгуш хилар.