Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 71 шо кхочуш хиларна лерина а йолуш, авторийн байтийн конкурс дӀакхайкхийна Кегийрхойн гӀуллакхийн министерствос.

Цигахь дакъалацаре кхойкху 14 шарера 35 шаре кхаччалц болу авторш.
Шайн белхаш цара 8(928)000-38-81 (WhatsApp) лоьмара тӀе дӀатаса беза.
Карарчу беттан 23-гӀа де чекхдаллалц хан йу царна йелларг.
Дакъалацархоша, белхаш дӀатасарца цхьаьна, шайн памел а, цӀе а, ден цӀе а, хан а, контактан лоьмар а йовзийта йеза.
Конкурсах лаьцна алссам хаа йиш йу хӀокху 8(8712)22-21-32 лоьмарца.