Дешархойн Ӏаматаш орфографин керлачу бакъонашца йогӀуш хир йу

Дешаран керлачу шарахь дуьйна дӀаболор бу ишколашкахь нохчийн мотт а, литература а хьехаран Ӏаматаш хийцаран болх.

Нохчийн меттан хьехархойн ассоциацис вовшахтоьхначу «Хьехархочо кхуллу къам» конференцехь дакъалоцуш хиллачу Дешаран а, Ӏилманан а министра билгалдаьккхина иза.

Дааев Хож-Баудис дийцарехь, цӀинйина Ӏаматаш нохчийн меттан орфографин керлачу бакъонашца йогӀуш хир йу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: