Нохчийн кхузаманахьлерчу пачхьалкхаллин 100 шо кхочуш хилар тидаме а оьцуш, суьртийн конкурс дӀакхайкхийна республикин Парламенто.

#ЧеченскаяРеспублика100 аьлла йолу иза, вовшахтохархоша билгалдаккхарехь, тӀекхочуш болчу оцу маьӀнечу а, мехалчу а хиламна лерина а, бахархошлахь иза баржорна а лерина йу.
Лахьанан (ноябрь) беттан 4-гӀа де кхаччалц дӀахьош йолу иза 2 декъах лаьтташ йу:
1) «Хьажар» / эсаран (октябрь) беттан 28-гӀа де кхаччалц;
2) «Къастор» / лахьанан (ноябрь) беттан 4-гӀа де кхаччалц.
Конкурсехь дакъалаца луучара шайн белхаш (суьрташ), #ЧеченскаяРеспублика100 хештегах пайда а оьцуш, ВКонтакте чохь зорбатоха деза.
Нохчийчуьрчу цӀейахханчу а, гӀарайевллачу а, йевзачу а меттигашкахь даьхна хила дезаш ду суьрташ.
Графикин редакторшца уьш тодар а магош ду.