Кадыров Рамзана бехк баьккхина Россин хьуьнан бахаман (Рослесхоз) куьйгалхочуьнга

Россин хьунан бахамо зорбатоьхна хьуьнан бахам лелоран эвсараллин рейтинган хьокъехь долу ведомствон куьйгалхочун Советников Иванан дешнаш.

Цо дийцарехь, Нохчийн Республика уггаре а ледара йолчу ткъа регионна йукъахь нисйелла. Иштта мах хадоран хьокъехь шена хетарг элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цо дIахьедира, шен кабинета чохь хиъна Iаш волу Советников Иван, ур-атталла регионашка кхочуш а, цигахь хьал муха ду хьожуш а, оцу хьолан, шен бIаьргашна гарца, мах хадош а цахилар.

«Минаш дIайахаза долу Нохчийн Республикера хьуьнан фондера латтанаш аренде муха дIадала воллу иза? Тхуна тамашийна хеташ хIума ду и! Хетарехь, Нохчийчуьра хьаннаш, заказникаш йерриге а хьакхар дIадоло дезаш ду-кх. Ткъа и заказникаш регионан йерриге а хьаннех, герггарчу хьесапехь, кхоалгIа дакъа дIалоцуш йу. Эвсаралла лакхайаккха болу Советниковн лаам кхочушбархьама дан дезаш ду иза», – беламе даьккхина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана Россин хьуьнан бахаман куьйгалхочуьнга доьху бомбанийн, ракетийн, снарядийн геригаша талхийначу хьаннашкарчу дечигашна дан дезарг хьехар. Шайца геригаш хиларна, гIуллакхна хьовзо аьтто болуш йац уьш.

«И хьун «гIуллакхаллин» категори тIе а йаьккхина, аренде дIайала аьтто хир буй цуьнан? Суна хетарехь, Россин хьуьнан бахаман куьйгалхо, ур-атталла, вовшашца йустурш хIун хьаннаш, мехкаш ду хууш вац. Масала, дIадаханчу шарахь, Россехь цIераш йовлар бахьанехь. зен хилла хьуьнан фондерчу 8,2 млн га сов латтанашна. Ойла йейша оцу терахьан. ЦIаро хIаллакбинарг пхи Нохчийчоьннал мохк бу! Кхин цхьа масал а ду… Кхечу йаккхийчу регионашкарчу беккъа цхьана хьунан бахаман хьаштийн 1-на млн га 5 млн га кхаччалц латтанаш хила тарло, ткъа цхьайолчохь — 10 млн га алсам а. Тхан республикин хьуьнан фондал а иттозза алсам хуьлу иза», – билгалдаьккхина цо.

Иштта, федеральни ведомствон белхан методика эвсаре цахиларан кхин цхьа масал а далийна Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

«Коэффициентана тIехь ца хаайелла бакъо йоцуш хьун хьакхаран мехала критери. Нагахь санна 2021-чу шарахь Нохчийн Республикехь иза 17,23 кубометр бен ца хиллехь, йаккхий хьаннаш йолчу йаккхийчу а, алссам хьун йухкучу а регионашкахь и терахь иттаннаш, бIеннаш эзарнаш кубометре дIакхаьчна! Советников Иване ас доьху регион тоьллачеран могIаре кхачорехь шегара похIмаллин масал гайтар. ХьалагIатта, хиъна Iан Iеминчу кIедачу гIантара, хьайн кабинета чуьра аравала, Нохчийн Республике вола, кхузахь хьоьга хьежош хир ду хьуна Iаламан тIаьхьалуонийн а, гуонахара хьал лардаран а министран дарж. Тхуна гайтахьа, республикерчу 352 эзар га тIера йерриге а дечигаш, лаххьийна, дIа муха хьакха йеза а, миллионаш гектараш хьаннаш йолчу Сибрехан муьлххачу а цхьана регионал хьалха муха довла деза а? Хьожур вар-кх цуьнан цхьа а жамI доцчу къинхьегаме», – дерзийна Кадыров Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: