ХААМ

Кишин Кунта-Хьаьжин цIарах йолчу Россин исламан университетехь кху шеран 20-чу июнехь дIадолийна дешаран хIокху заведенехь деша лууш болчаьргара кехаташ (документаш) схьаэцар. Цу хьокъехь хаам бина кху деношкахь университетан куьйгалло. Деша дIаоьцу дуьззина юккъера юкъара дешар дешна болу кегийрхой а, мехкарий а.

Карарчу шарахь университетехь кечамбаран отделенехь бюджетни бIе меттиг хир ю. Иштта бIе меттиг хир ю «ШарIан Iилманаш» факультетехь а. Кечамбаран отделенехь деша лууш берш таджвидан бакъенашца Сийлахь Къуръан нийса  деша хууш а, Исламан юьхьанцарчу баххийн (Iамми жуз) хууш а хила беза.

Цул совнаха, университете деша оьцучу хенахь хьесапе оьцур ду оьрсийн меттан ЕГЭ дIаяларан жамIаш а. Ткъа «ШарIан Iилманаш» факультете деша дIатасавала кечамбаран отделенин барамехь хила догIу хаарш хила деза.

Кехаташ дIаэцар дIахьур ду кху шеран 24-гIа июль кхаччалц. Бусалба дин Iамо лууш болу кегийрхой а, мехкарий а сихо е шайн кехаташ университете чудаларехь. Дала аьтто бойла Делан цIена дин Iамо лууш болчеран массеран а.

№ 70, еара, 25 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: