Нохчийн халкъан турпалхо волчу Бенойн БойсгӀарна лерина хӀоллам схьабиллина Соьлжа-ГӀалахь.

Республикин Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дакъалецира оцу хиламехь.
Цо билгалдаккхарехь, таханлерчу а, тӀекхуьучу а чкъурашна маьӀне йу и тайпа проекташ.
«ЦӀейахханчу махкахойн хьуьнарш Ӏалашдар а, тӀекхуьучу чкъурана царах лаьцна дийцар а вайн массеран декхар ду», — элира республикин Куьйгалхочо.
Цул сов, бенойн тайпанан а, нохчийн халкъан а исторехь долчу Бенойн БойсгӀаран маьӀнах а дийцира Кадыров Рамзана.
Иштта, и проект кхочушйаран дӀодолор шен долу Дадаева Залина а билгалйаьккхира цо — Нохчийн Республикин Куьйгалхочун секретариатан куьйгалхочун заместителан даржехь къахьоьгучу цунна «Нохчийн Республикин социальни декъан хьакъйолу белхало» цӀе йелира.
Билгалдоккху и хӀоллам машенаш дӀасайерзаран гуонна йукъахь хӀоттийна хилар.
Битаме балийна и гуо а циггахь схьабиллира.
Дала гечдойла цунна а вайн массо нохчийн тайпанех цуьнца хилла болу къонахашна а.. амин
Бойсхар Хасавюьртахь ирх уллучу дийнахь цхьаьллига цхьаьна оьрсечо Бойсхар санна волчу къонахчунна к1елхьара г1ант д1а а даьккхина т1ехьарчу т1ехьенна хьалха очернит дойтара дац шаьш аьлла оьрсаша а ца даьккхина цхьаьна къомо а ца даьккхина. Цигахь мохь тоьхна цо: х1ай шен мостаг1ий нисса къилбехьа а вирзина заккъ аьлла ша сацахь са долуш бусалба динехь д1а воллита ша, нагахь къилбехьа букъ тоьхна шен са далахь ж1аьла санна д1а кхосса ша и къамел даьш а волуш соьлечо саг1а доьхаргот1ехьашха т1е а еана мира тоьхна и шен г1ант д1а кхуссучу хенахь, цо мийра туххушехь цхьаьна куьйга шен кочара муш а лаьцна доьхьала мийра тоьхна лахара мочхалах и коьртаха чу а дахна и велла. Т1аккха цо ма аллара нис дели бахара иза, нисса къилбехьаъ вирзина са дели бахара цуьна.