МЧС-н некадарехула йолчу спартакиадехь лаккхара кхиамаш баьхна Нохчийчоьнан векалша

Россин МЧС-н некадарехула йолчу спартакиадин регионашна йукъарчу къийсадаларшкахь лаккхара кхиамаш баьхна Нохчийчоьнан векалша.

Къилбаседе-Кавказан ФО-н 7 субъектан 37 векал вара цигахь дакъалоцуш.

«41+ шо» декъехь толам баьккхина МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин цӀейайъаран службин хьаькама Умалатов Дауда.

«31 — 41 шш.» декъехь хьалхара меттиг йаьккхинарг Абубакаров Тимур ву — Соьлжа-ГӀалин Висаитовн кӀошт ларйаран 5-чу декъан (ПСЧ) хьаькам.

Оццу декъехь 3-гӀа меттиг а Нохчийчоьнан векала Мадагов Ахьмада йаьккхина — Хьалха-Мартан кӀошт ларйаран 29-чу декъан (ПСЧ) коьртачу цӀейайъархочо.

Кубкашца а, мидалшца а, сийлаллин грамоташца а совгӀаташ дина царна.

Цул сов, Умалатов Дауда а, Абубакаров Тимура а хӀинца МЧС-н Къилбаседе-Кавказан ФО-чу урхаллийн вовшахтоьхначу тобанехь дакъалоцур ду.

Гурахь дӀахьур йолчу Йерригроссин спартакиаде гӀур бу оцу тобанан дакъалацархой.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: