Меттигера урхалла кхиоран декъехь къахьоьгуш а йолуш, Россин Президент волчохь йолчу кхеташоне йухахаьржина Даудов Мохьмад.
Кхеташонан куьйгалла деш ша Путин Владимир ву, ткъа президиумна — Россин Премьер-министр Мишустин Михаил.
Нохчийчоьнан Парламентан спикер а ву оцу кхеташонан президиумна йукъавогӀуш.
Оцу хьокъехь хаам бинчу Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгалдаьккхина Даудов Мохьмада тайп-тайпанчу даржашкахь къахьегна хилар.
Делахь а, Кадыров Рамзана тӀе тидам ма-бахийттара, шех тешийначу муьлххачу а даржехь кхиамаш бахарца гӀараваьлла ву иза.