Нохчийн культурин денош Дагестанехь дӀахьур ду

Карарчу беттан чаккхенехь Нохчийн Республикин культурин денош дӀадахьа лерина луларчу Дагестанехь.

Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин культурин министра Кадырова Ӏайшата.

Цул сов, Лермонтовн театрехь «Ревизор» а, Пачхьалкхан филармонехь «Щелкунчик» а спектаклаш хӀитторан декъехь къахьоьгуш хилар а тӀетоьхна цо.

Иштта, кхузаманахьлерчу искусствон хьалхара биеннале Москвахь а, цул тӀаьхьа Соьлжа-ГӀалахь а дӀахьур йолуш хиларна тӀе тидам а бахийтина министра.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: