Россин футболехула йолчу Премьер-лигин 5-чу туран гурашкахь тахана «Химки» командица хиллачу цхьаьнакхетарехь, 1:3 чот а йолуш, толам баьккхина соьлжагӀалахоша.
«Ахмат» ФК хьошалгӀахь а йолуш нисделла и ловзар Москван областерчу Химки гӀалахь хилира.
⚽➡️»Ахмат» ФК: 1️⃣Трошечкин Александр; 2️⃣Швец Антон; 3️⃣Тимофеев Артем.
⚽➡️»Химки» ФК: 1️⃣Ломовицкий Александр.