МостагI тIелетта бохучу шийлачу кхоо кхолийра 1941-чу шеран июнь беттан декхна деана 22-гIа де. Верриге а вара оцу хиламо хьере вина, амма сихха меттабаьхкира. «Дерриге а тIамна! Дерриге а мостагI иэшорна!» – аьлла йозанаш тIехь долчу машенашца, ворданашца тIаме дIахьажайора Кенхоша шаьш да мел долу хIума.
Шайн йолчо тоьл-тоьлла говр дIаелира ЦIечу эскарна. Юьртахоша вовшахтухура йовха бедарш, дакъийна жижиг, дума, иштта кхиерг. Мелла а сиха толаман де герга кхачо лаьара царна.
Вай лакхахь хьахийна ма-хиллара, Кенхира 60 сов бIаьхо хилла оцу тIамехь дакъалоцуш, царах 38-мма Даймохк ларбеш шайн синош дIаделла. ТIепаза вайна Магомаев Iалавди, Авдуев Хаси.
Шайн декхарш дуьззина кхочушдира бIаьхоша. Цара шайгара майралла, доьналла гайтира. Уьш шайн мехкан буьззина патриоташ бара.
Кенхирчу школан кертахь хIоллам хIоттийна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь кхелхинчу бIаьхойн сийнна. Оцу хIолламна тIехь язйина ю турпалхойн цIерш. ХIоллам кечбинарг оцу школера хьехархо, олуш ма-хиллара массо а гIуллакхан а говза волу Ибрагимов Халид ву.
Толаман денна лерина мероприятеш, иштта кегийрхой эскаре хьовсош еш йолу митингаш хIокху хIолламна уллехь дIахьо юьртахоша. Вуьшта, ХIолламна юххехь соций, маршо ларъеш кхелхинчарна гечдар доьхуш Деле доIа деш тIехволу дIасавоьдург.
Даймохк ларбинчарах, муьлхха а ву шайх лаьцна дийца хьакъ долуш.
Масварах а лаьцна аьтто бацахь а Даймахкана гIаролехь лаьттинчех дош ала луур ду. Брестан гIап ларйинчух Исмаилов
Сулейман вара иза. Эскаре воьдуш кхуьнан цхьа кIант вара– Салавди. Сулейман кхелхинчул тIаьхьа дуьнен чу велира шолгIа кIант. Султан цIе тиллира цунна. Амма дукха зама ялале нана кхелхира шина кIентан. Дененаца Зайбатца висира ши ваша. Махкана а уггаре а, хала еанчу заманчохь ши ваша когахIоттийра Зайбата. Iер-дахарна аьттонна, 1957- чу шарахь Дагестанерчу Цветковка юьрта дIакхелхира Зайбат шен кIентан шина кIантаца. ХIинца а цу юьртахь вехаш ву ши ваша.
Султанан кIант Сулейман (безамна шен деден, турпалхочун, цIе тиллина цунна) ОвгIанехь эскарехь гIуллакх дина мидалшца, Баркаллин кехаташца вирзина цIа. ХIинца Сулейманан а кхуьуш кIентий бу: Алишер, Самир, Мохьмад. Шеко яц царах а шайн дайх санна Даймехкан патриоташ хирг хиларх.
Р.МУСИПОВ
№ 70, еара, 25 июнь, 2015 шо