«Кавказ мьюзик фест» фестивалехь дакъалоцур ду М.Межиевас а, М.Байкаевс а

Карарчу беттан 25-27-чуй деношкахь Нальчикехь дӀахьур йу музыкин йоккха фестиваль — «Кавказ мьюзик фест».

Къилбаседе-Кавказан ФО-н массо а субъектийн векалша дакъалоцур ду цуьнан гурашкахь, Нохчийчоьнан цӀарах Межиева Макка а, иштта, Байкаев Мурад а волуш.

ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан эзарнашкахь болу бахархой а, Россин тайп-тайпанчу регионашкара хьеший а фестивалан хьовсархой хирг хиларна шеко йац вовшахтохархойн.

Ша и фестиваль дӀайахьар ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан республика кхоллина 100 шо кхочуш хиларна лерина хилар а хоуьйту цара.

Концертан йоккха программа дӀайахьарал сов, йуьйцучу фестивалан гурашкахь кхоллараллин конференци-практикум а хила тарлуш йу.

Цул сов, Россин тайп-тайпанчу регионашкарчу говзанчийн а, пхьерийн а хӀуманашна (сурсаташна) лерина ярмарка-гайтам а дӀахьур бу оцу деношкахь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: