ТӀаьххьарлера денош дукха довха дахкарца а догӀуш, Ӏаламехь цӀейаларан кхерам лакхабалар тидаме а оьцуш, карара бутт чекхбаллалц доза тоьхна хьаннашка бахархой а, хьеший а бахарна.

И раж республикехь мел болчу хьуьнан бахамехь дӀакхайкхийна йу.
Цул сов, билгалйаьккхинчу йукъанна хьаннашка ма иэхахьара аьлла, кхайкхам а бина Ӏаламан тӀаьхьалуонийн а, гуонахара хьал лардаран а министерствон векалша.
Иштта, хьуьнхахь цӀейаларан хьокъехь бахархошка хаам байта контакташ а йовзийтина:
1) 8(928)021-52-23 — Хьаннашкара цӀерашйайъаран нохчийн туш;
2) 8(800)100-94-00 — Хьуьнан гӀарол.