Боданера серлоне

IMG-20150623-WA0017

1929-чу шарахь йиллина Кенхи, Чадири ярташна юккъехь, Школхе олучу меттехь, ялх шеран школа. Нохчийн маттахь Iамош дара цигахь йоза-дешар. Оцу школин дуьххьарлера директор вара Лабазанов Iазим. 1944-чу шеран 23-гIа февраль кхаччалц болх бира школа.

1944-1945-чуй дешаран шарахь Кенхи юьрта юккъехь йира юьззина йоцу юкъарадешаран школа. Цигахь дуьххьарлера директор вара Гаквари юьртара вевзаш волу хьехархо, Iеламстаг  Абдурахманов Сежид. Амма школа схьайилличхьана  1957-гIа шо кхаччалц цхьаммо а  кхузахь дешар чекх ца даьккхира. Ма-дарра аьлча, дай-нанойн лаам а бацара берашка дешийта, хIунда аьлча халкъалахь даьржинера. иза керста нехан дешар ду, иза Iамор къилахь ду боху хабарш. Дай-наношна берийн дахарехь коьртаниг кIантана зуда ялор а, йоI маре яхийтар а хетара. Дешар дIадаьлла ала мегар долуш хьал хьоьттинера.

1964-1965-чуй дешаран шарахь дикка хийцамаш хила буьйлабелира Кенхирчу ворхI шеран школехь, шо-шаре мел дели алсамбовлуш бара дешархой. 1973-1974-чу дешаран шарахь 557 дешархо а, 35 хьехархо а вара цигахь. Амма хьехархой хила ма-безза шайн балхана говза бацара. Кхин говзанчаш цахиларна болх бора цара, ткъа кхечанхьара тIебаьхкинчу хьехархошна кхузахь дахаран хьелаш хала хиларна болх беш Iен ца лаара. Вуьшта, ша школа а Iаламат ледарчу хьолехь яра, тIе латта тесна болу тхов догIа моссазза догIу чекх а дуьйлуш лаьттара, тоьаш яцара книгаш, дешарна оьшу гIирсаш кхиболу.

Цу хенахь школин директор хиллачу Сулейманов Юсупа дешар тодан некъ лехира. Уггаре а хьалха меттаялийра документаци, школе лелар ледара долчу берашца а, церан дай-наношца а къаьсттина болх бора. Ткъа хьехархойн корматалла лакхаяккха хан оьшура, цундела юьрта тIебаьхкинчу говзачу хьехархошна чохь Iен хIусамаш тарйира, Iаьнна ягориг а охьаюьллура, юьртахоша гIо дора юучуьнца. Доцца аьлча церан болх бан дог даийта хIума дара лелош дерг. Нохчий, оьрсий, ногIий, жIайхой, желтой – тайп-тайпанчу къаьмнех, тайп-тайпанчу республикашкара, областашкара бара кхуза баьхкина хьехархой.

ТIаьхь-тIаьхьа тодала доладелира дешар, хьехархой, бухахь хилларш а, тIебаьхкинарш а говзалла лакхаяккха курсашка хьовсо таро а хуьлура. Доккха гIо хилира Дагестан, Нохч-ГIалгIайн республикашкарчу дешаран министерствошкара а, Хьехархойн говзалла лакхаяккхаран институташкара а.

Ю.Сулеймановн дехарца Нохч-ГIалгIайн АССР-н дешаран министра Умаров Мухарис Соьлжа-ГIаларчу школа-интернаташка деша дIаэцийтира Кенхира алссам бераш. Школа-интернаташ чекхъяьхна бевлча хьехархойн вузашка деша бахара уьш, цигара шаьш дешна бевлча дукхахберш шайн юьрта юха а баьхкира. Царах 38-х хьехархо а хилира.

Р.МУСИПОВ

№ 70, еара, 25 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: