Ӏалхан-Чурт эвлара (Соьлжа-ГӀала) нехаш дӀакхуьйсийла дӀайоккхуш йу.

10 шарахь сов лаьттина йу иза, ша дӀалаьцначу майданахь 75 эзар м³ сов даххаш а долуш.
И даххаш, говзанчаша дийцарехь, кхераман I-V-чуй классийн могӀарера дара.
Ткъа хӀинца, и майда, цӀан а йеш, битаме йалор бахьана долуш, эколологина цунах хуьлуш болу вуон Ӏаткъам 0%-н тӀегӀане кхаьчна.
«Эколологи» къоман проектан гурашкахь кхочушйечу «ЦӀена мохк» проектаца дӀахьош бу цигахь и болх.