ЦхьамогӀа керла рейсаш схьайоьллур йу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу «Северный» аэропортера.
Оцу хьокъехь хаам бинчу Нохчийн Республикин транспортан а, зӀенан а министра Черхигов Рамзана билгалдаьккхина уьш Ӏаьнан муьрана лерина хилар.
ХӀора а рейс шозза йеш хир йу кӀиранах:
· Соьлжа-ГӀала — Казань;
· Соьлжа-ГӀала — Сочи;
· Соьлжа-ГӀала — Уфа;
· Астрахань — Соьлжа-ГӀала;
· Волгоград — Соьлжа-ГӀала;
· Новосибирск — Соьлжа-ГӀала.
Рейсаш схьайелларан терахьаш а, билетийн мехаш а тӀаьхьуо довзуьйтур ду.