Йаккхийчу машенаша Соьлжа-ГӀалара некъаш бехдаран гӀуллакх дуьйцу масех шо ду. Оццул хан йу и гӀуллакх толлуш долу а.

РогӀера таллам селхана а дӀабаьхьна пачхьенехь.
Шайца цхьаьна Некъан боламан кхерамазаллин инспекторш а болуш, Соьлжа-ГӀалин мэрин векалша теллина гӀишлошйарехь пайдаоьцучу машенаша некъаш бехдар.
Дуьйцуш долу некъаш гӀалин йуккъера хилла ца Ӏар а билгалдоккху цара.
Машенаш цӀена лелоран а, киранаш дӀасадахьаран а хьокъера лехамаш талхочарна административни бакъонаш талхорца догӀу протоколаш йаздина.