Хууш ма-хиллара Россин премьер-лигехь кху шарахь санна ледара левзина яц Нохчийчоьнан футболан коьрта команда йолу «Терек». Гуонехь (15 матчехь) цкъа бен толаме ца кхаьчна вайн футболисташ. Оцу хьолана, кхеташ а ма-хиллара, резахуьлуьйла дацара клубан куьйгалла. Хьастаха шен даржах мукъавитира коьрта тренер хилла волу Ю.Красножан. Ханна цу дарже хIоттийра В.Талгаев. Амма цул тIаьхьа а дикачу агIор хийцамаш ца хилира. Чемпионатан рогIерчу (15-чу) турехь «Терек» шен цIахь ийшира «Крылья Советов» командин футболисташца хиллачу матчехь.
Кху деношкахь кхаьчначу хаамо дегайовхо кхуллу вайн командера хьал хийцалург хиларх. И дегайовхо уггаре а хьалха йоьзна ю «Терекана» куьйгалла дан коьртачу тренеран дарже Рахимов Рашид хIотторца. Цу хьокъехь хаам бинчу клубан президента Даудов Мохьмада цунах лаьцна иштта дийцира: «Тахана Рашид Маматкулович «Терекехь» болх бан волавелла. Вовшахтохараллин дерриге а гIуллакхаш дийцина девлла. Ца кхеташ дисина хIума дац. Рахимов цIеяххана говзанча ву, вевзаш ву лехаме хиларца, гIеххьа долчух тоамбийр боцуш хиларца. Тхо тешна ду цуьнга командера хьал хийцалург хиларх а, турнирни таблицехь уггаре лахарчу меттигашкахь нисъелла команда лакхаяккхалург хиларх а».
М.Даудовс дийцарехь, Талгаев Вахьид командехь вуьсуш ву. Цунах тешийна лакхарчу тренеран дарж. «Шен рогIехь В.Талгаевс дийхира кегийрхойн командица болх бан шена таро ялар. ХIунда аьлча, нохчийн футболехь керла чкъор тIекхиорехь шега алссам пайда балур бу аьлла хеташ ву иза. Цу тIехь а цунна новкъарло хир яц», – элира «Терек» футболан клубан президента Даудов Мохьмада.
Делахь-хIета, вай тешна Iийр ду герггарчу хенахь вайн коьртачу командо вайна керла хазахетарш дохьуш, вайн дегнаш даккхийдийриг хиларх.