Сийлахь Къуръан дешарехула йолчу Йерригроссин конкурсан жамӀаш дина Соьлжа-ГӀалахь.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан гӀоьнца иза вовшахтоьхнарг Нохчийчоьнан Муфтият йара.
Вуьшта, ша и конкурс лерина йара Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсана.
Иштта ду цуьнан жамӀаш: 1️⃣ Садыков Турпал-Ӏела (Нохчийчоь) / 1 000 000 ₽ — совгӀат; 2️⃣ Рахимов Бурхониддин (Москва) / 500 000 ₽ — совгӀат; 3️⃣ Солтаев Абубакар (Нохчийчоь) / 300 000 ₽ — совгӀат; 4️⃣ Магомадов Мохьмад (Нохчийчоь) / 150 000 ₽ — совгӀат; 5️⃣ Солтаев Мохьмад (Нохчийчоь) / 100 000 ₽ — совгӀат.