«Таврида.АРТ» фестивалехь дакъалоцуш йу «БАШЛАМ»

ГӀирмехь дӀахьочу «Таврида.АРТ» фестивалан гурашкахь дӀахьош хелхарийн къовсам а бу.

«Короли лезгинки» аьллачу цуьнан гурашкахь дакъалоцуш бу Кавказерчу хелхарийн коллективийн векалш.

Нохчийчоьнан цӀарах дакъалоцуш хелхарийн «БАШЛАМ» ансамбль йу.

Финал дӀайахьаран майданахь 25 эзар сов хьажархо хир ву, шайх «халкъан» жюри а хуьлуш — «Лезгинка» хелхаран «элий» цара хоржур бу.

«БАШЛАМ» ансамблан репертуар боккхачу гайтамах лаьтташ хир йу — Нохчийн Республикин къоман а, культурин а башхаллаш а, музыкин а, хелхаран а исбаьхьаллаш а йовзуьйтуш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: