Махкарчу 4 гӀалано Йерригроссин конкурсехь толам баьккхина

Кегийчу гӀаланашкахь а, историн кӀотаршкахь а гӀалин тоьлла бегӀийла хьелаш кхолларан проектийн Йерригроссин конкурсехь Нохчийчоьно 4 болам баьккхина.

Республикин гӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министра Зайпуллаев Муслима билгалдаккхарехь, Гуьмсе а, Шела а, Курчалой а, Хьалха-Марта а йу толамаш баьхначу гӀаланийн могӀарехь.

Россин гӀишлошйаран министерствос дӀахьош хиллачу оцу конкурсан жамӀаш Тамбовехь довзийтина.

Цигахь, вайн мехкан векалша дакъа а лоцуш, дӀайаьхьна Кегийчу гӀаланийн а, историн кӀотарийн а форум.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: