ЖIайхойн культурин туш

 

IMG_1781Къилбаседа Кавказехь дехачу къаьмнийн культура вовшех тера йог1уш  елахь а, хIора къоман шен-шен башхаллаш йолуш ю иза.

Шайн къоман культура кхиорехь гуттар къахьоьгуш хиллехь а, 2002-чу шарахь кхоьллина Кенхехь жIайхойн культурин туш.

2008-чу шарахь дуьйна оцу туьшан куьйгалхо ву Хабиров Iела, цуьнан совгIаташка хьаьжча а гуш ду иза шен декхаршца тIех дика ларош хилар а. Кадыровн орденан кавалер ву иза.

Еккъа районехь а, республикехь а дIахьочу мероприятешкахь дакъалаьцна ца Iаш, Къилбаседа Кавказехь  хиллачу дуккха а мероприятешкахь дакъалаьцна цара.

Эшарийн, хелхарийн, музыкин, берийн – масех тоба ю туьша юкъа йогIуш. Кенхирчу школашкара похIма долу дешархой бу берийн тобана юкъахь.

Эшарш, хелхарш Iаморал сов, къоман даарш дан а Iамадо туьшахь.

– Стаг ша миччахь вехаш велахь декхарийлахь ву шен къоман Iадаташ, ламасташ довза, лело, – боху Хабиров Iелас.

Цо дийцарехь, туьшана  гIодо юьртарчу маьждиган имама Муртазалиев Идриса, бусалба дино магош дерг, дихкинарг довзуьйту цо берашна.

Р.МУСИПОВ

№ 70, еара, 25 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: