ЦӀинйинчу пачхьалкхан дешаран федеральни стандарташна лерина а йолуш, семинар дӀайаьхьна Нохчийн меттан институтехь.

И стандарташ йукъарчу (хьалхарчу) дешарна лерина хиларе терра, семинарехь дакъалаьцна ишколашкарчу методикийн цхьаьнакхетараллийн куьйгалхоша.
Делахь а, коьрта дакъалацархой кхинарш бара — 1-4-чуй классашкахь нохчийн мотт а, литература а хьоьхурш.
Цигахь йийцаре йина нохчийн мотт а, литература а хьехаран белхан программаш, дарсаш дӀадахьарца болу лехамаш, и.д.кх.а.
«Дешар» къоман проектан гурашкара «Кхузаманахьлера ишкол» проект кхочушйарца дӀайаьхьна и семинар.