«Армия — 2022» форумехь дакъалоцуш бу Нохчийчоьнан векалш

Куьйгаллехь Вайханов Байбетар а волуш, Россин спецназан университетан (РСУ) векалш дакъалоцуш бу Москван областехь дӀахьочу тӀеман техникин дуьненайукъарчу «Армия — 2022» форумехь.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцарехь, форумехь 100 сов пачхьалкхан векалш а, промышленностан предприятеш а йу.

Украинехь дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь шайн лаамехь дакъалаца боьлхурш кечбаран коьрта майда РСУ хиларе терра, цуьнан векалшца цхаьнакхетарш дӀадахьар а, берташ бар а маьӀне хета кхечу делегацешна.

Цунах шена кхаъ а, хазахетар а хилар хаийтина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: