«Даймохк» газето, дукха хан йоццуш, нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь байташ йешаран «Даймехкан декхар» аьлла флешмоб дӀакхайкхийнера.
Вайн республикин бахархоша, дешаран а, культурин а хьаьрмийн векалша жигара дакъалецира цигахь.
Байташ йешначарна йукъахь, байт, оцу тӀе, нохчийн маттахь а йешча, массарна а билгалйаьлла йара Давидян Надежда… Цуо дӀайешнарг Талхадов Хьамзатан байтех цхьаъ йара.

ХӀокху деношкахь редакцехь хьошалгӀахь хилира иза.
Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан филологин факультетан ингалсан-Ӏаьрбийн меттанийн отделенин кхоалгӀачу курсан студентка а, Ӏ.Шахбулатовн цӀарахчу пачхьалкхан филармонин ведущи а, йевзаш йолу блогер а йу Надежда.
Москвана гена йоцчу Иваново гӀалахь шен деца-ненаца Ӏаш, 11 класс чекхйаьккхича, шен нанас дехар ма-дарра, Москварчу юридически университете деша йахара иза.
Юриспруденци шен говзалла йац йа шен доглеташ а йац аьлла, и дешар дитира.
Цуьнан нана туристан некъаца Нохчийчохь хилла йара, иштта, шен йоӀана Кавказе йахар къобалдира цо.
Надеждина ша берашца болх беш хирг хилар хьоьхура даго. Керла хӀума довза лууш, нохчийн къоман культура а, мотт а Ӏамор дукхадезаделла хиларна, Москвахь долу дешар дитина, Нохчийчу йеара иза.
ТӀаьхьарчу хенахь Россехь а, дозанал арахьа а къаьсттинчу тергонехь ду нохчийн къомаца доьзна дерг дерриге а вайн мехкан географин тӀера, къоман кхачанан биста кхаччалц.
Царах лаьцна оьрсийн маттахь дуьйцуш, социальни сетан Телеграм-каналехь агӀо схьайиллина, хӀинцале 60 эзар сов йазвелларг волуш, нахана йовза йолайелла къона блогер йу Надежда.
Хууш ма-хиллара, блогерш дукха бу вайн заманахь, амма оьрсийн къомах а болуш, нохчийн мотт Ӏамо а, бийца а лууш берш кӀезиг бу.
Йахь йолчу нохчашна ойла йан масал дуй техьа кхузахь?.. Нохчийчоьнна генахь йолчу гӀалара схьа а йеана, шен болх а, карьера а йеш йоллу и йоӀ… Цуьнан Ӏалашо йу, ткъа Ӏалашо йерг ах толаме кхаьчна а, ах некъ бина а ваьлла ву.
Цхьана агӀор, чӀогӀа хьагаме ду аьлла хета, вайн халкъ а, цуьнан амалш а, вад а кхечу къоман векалан бӀаьргашна гар муха ду хаар. Вайн махкахь Ӏаш хилча, вайн гӀиллакхийн маьӀнех кхета атта хир ду цунна.
Вайна дагадогӀу, советийн заманахь а дукха нислора вайн махка кхечу къаьмнийн векалш бахкар а, цара кхузахь шайн цӀе йеш меттигаш.
Вайн къоман истори, мотт, гӀиллакхаш, ламасташ, культура – муьлхха агӀо схьалаьцна аьлча а – гуш ду вайн уьш талла йезаш хилар.
Вайн кегийрхой, «тик-ток» хьоьжуш, хан йойъуш Ӏашшехь, нах, Чинин хьовха, нохчийн мотт а тӀехь Ӏамош шайна, къахьогуш бу.
Ткъа Надеждин хаза хан йу хӀинца а. Йуха а, вайн къоман гӀиллакхех дерг аьлча, билгалдаккха лаьа вайн халкъ кхечу махкара веана хьаша тӀелоцуш а, цуьнан гӀуллакхе хьожуш а комаьршалла йолуш хилар. Цунна а карор бу гӀоьнчий. Коьртаниг — вай, вешан некъ беш, вайн халкъан дика а, оьзда а мел хилларг, новкъахь Ӏилла ца дуьтуш, тӀаьхьенашка дӀакхачо хьажар ду.
Дала мукъ лахь, цу Iалашоне вай жим-жима кхочуш а ду!
З.Оздамирова
Суьрта тӀехь: Давидян Надежда
№61, шот, хьаьттан (август) беттан 13-гIа де, 2022 шо