Токан гӀирсийн «Электроприбор» завод схьайиллина Соьлжа-ГӀалахь

Соьлжа-ГӀалин Висаитовн кӀоштахь схьайиллина токан гӀирсийн «Электроприбор» завод.

1962-чу шарахь дуьйна шен истори а йолуш хилла и завод сецна лаьтташ йара тӀаьххьарчу шерашкахь.

Инвестор волчу Сухинин Юрийс доккха дакъалаьцна завод йуха а болх бан дӀайолайалийтарехь.

Билггал аьлча, заводан тхов а тобина, гуонахара майда а битаме йалийна.

Цул сов, балхана оьшуш йолу чархаш а тойина.
Хьалхарчу муьрехь 20 говзанча хир ву цигахь къахьоьгуш.

И терахь кхин шозза хийцалур ду: цкъа — 20 тӀера 50 (+30) а, йуха — 50 тӀера 120 (+70) тӀе а.

Завод схьайелларехь мехкан Правительствон а, Соьлжа-ГӀалин мэрин а векалша дакъалецира.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: