Шелан кӀоштарчу Гермачигахь схьадиллина 4,5 эзар стагана лерина керла маьждиг.

Кишин Кунта-Хьаьжин (Дала къайле цӀинйойла цуьнан) мурд хиллачу ДогӀин цӀарах ду иза.
Маьждиг схьаделлар Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 71 шо кхочуш хиларна лерина дара.
Цигахь дакъалецира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Къилбаседе-Кавказан ФО-чу Ӏеламнехан кхеташонан куьйгаллехь волчу Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжас, Нохчийчоьнан Муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас, кхечара.
Маьждиг схьадиллинчул тӀаьхьа, хьалхаваьлла Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжа а волуш, хьалхара Рузба а дира цу чохь.
Билгалдаккха догӀу иза Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан чоьтах дина хилар.