Мехкадаьттан а, газан а комплекс ларйаран керла полк кхуллуш йу махкахь

Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллина йукъайогӀуш а, 2 эзар бӀаьхочух лаьтташ а йолуш, керла полк кхуллуш йу вайн махкахь.

Иза билгалдаьлла Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, Къоман гвардин Къилбаседе-Кавказан округан буьйранчин декхарш ханна кхочушдечу Делимханов Ӏалибекан а хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Керлачу полкан Ӏалашонехь хир ду республикин мехкадаьттан а, газан а комплекс ларйар.

ХӀинццалц и болх беш хилла полк, хийцамаш а беш, тӀеман полкан тӀегӀане йоккхуш йу.

Кхуллучу полке дӀайазвала лаам болуш 600 сов стаг хӀинцале а билгалваьлла, шайх 200 сов лоьрийн а, кхиболчу а талламех чекх а волуш.

Оцу полкана, техникица а, герзаца а кхачо йина ца Ӏаш, керла туш а кхуллур йолуш йу.

Соьлжа-ГӀалин мэрис сихонца билгалйаьккхина оцу балхана бегӀийла йоллу меттиг.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: