Кадыров Ахьмад-Хьаьжа винчу денна лерина газеташ а, киншкаш а дӀасайекъна

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министран Дудаев Ахьмадан дӀадолорца а догӀуш, Соьлжа-ГӀалин бахархошна а, хьешашна а дӀасадекъна Кадыров Ахьмад-Хьаьжа винчу денна лерина газеташ а, цуьнан дахарца а, балхаца а боьзначу хаамех а, байтех а лаьтта киншкаш а.

Кхеташ ма-хиллара, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 71 шо кхочуш хиларна лерина бара и болх.

Къоман «Даймохк» газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара хаийтира Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина газеташ а, журналаш а, киншкаш а дӀасайекъаран акци хӀорашеран хилар.

Цигахь дакъалецира шуьйрачу хаамийн гӀирсийн куьйгалхоша а, белхахоша а.

ДӀасадекъначу газетийн хьокъехь аьлча, билгалдаккха догӀу уьш «Даймохк» а, «Вести Республики» а, «Исламан зӀаьнарш» а хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: