РУС-н векалша лаккхарчу тӀегӀанехь Ӏамабо бӀаьхой

Россин оборонин министерствон долахь а йолуш, хьалхуо кхоьллинчу «Запад-Ахмат» а, «Восток-Ахмат» а батальонийн бӀаьхой тӀеман гӀуллакх Ӏамош бу.

Ӏамораш, Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгал ма-даккхара, Россин спецназан университетехь дӀахьош ду.

Кадыров Рамзана, и бӀаьхой лаккхарчу тӀегӀанехь кечбарна, баркалла аьлла оцу университетан инструкторшна.

Шайн куьйгаллехь Вайханов Байбетар волчу цара бӀаьхошна хьоьху герз лелор, лазийначунна медицинин хьалхара гӀо-накъосталла дар, и.д.кх.а.

Цул сов, къаьсттина тидам тӀебохуьйту танкана дуьхьалонна йолчу гранатометах нийса пайдаэцарна а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: