Республикин а, муниципалитетийн а тӀегӀанашкахь болчу хьаькамаша кхачаме цхьаьнагӀуллакхдаран болх дӀахӀотто беза медицинин хьукматашца а, лоьрашца а.

Оцу белхан буха тӀехь дӀахьур ду коронавирусан инфекцина дуьхьал вакцинацеш йаран гӀуллакх.
Куьйгаллехь Кадыров Рамзан а волуш, Правительствехь дӀайаьхьначу кхеташонехь билгалдаьлла иза.
Махкара эпидемиологин хьал дийцаре дарна леринчу цигахь, кхеташ ма-хиллара, тӀекхочуш болу гуьйренан-Ӏаьнан мур а хьахийра.
Буьйцучу муьрехь эпидемиологин хьал чолхе долуш хиларе терра, кхеташонехь сацам хилира COVID-19-на дуьхьалонна йолу вакцинаци Нохчийчоьнан бахархошна йуха а йар (ревакцинаци) дӀадахьа.
Роспотребнадзоран лехамашца а догӀуш, бахархошна ревакцинаци йаран лаххара тӀегӀа 60% хила дезаш ду хӀора а субъектехь.
Оцу балхана само а йе, прививкаш йарехь дакъа а лаца аьлла, махкахошка кхайкхам бира Кадыров Рамзана.