КӀоштийн больницашна керла 36 машен дӀайелла Кадыров Рамзана

КӀоштийн больницийн автопаркаш керлачу машенашца тӀейуьзна — церан хьашташна эцна «Лада Гранта» олуш йолу 36 машен.

Соьлжа-ГӀалин йуккъерчу майданахь дӀадаьхьира керла машенаш дӀасайекъаран гӀуллакх.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 71 шо кхачарна леринчу оцу гӀуллакхехь дакъа Кадыров Рамзана а лецира.

Медицинин хьалхара дакъа кхиоран декъерчу программин гурашкахь эцна и машенаш кӀошташкахь чӀогӀа оьшуш хилла хилар хаийтира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Лоьраш дархошна тӀебигарехь а, молханаш дӀасадахьарехь а, шаьш дархой больницашка кхачорехь а пайдаоьцур бу царах.

Циггахь билгалделира карарчу шарахь 153 медицинин гӀирс а эцна хилар.

Машенийн хьокъехь аьлча, хьалхуо эцнарг 15 машен йара, хӀинца — кхин 36 а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: