71 хӀусамна керла хӀусамаш йелла А-Хь.Кадыровн фондо

Иттаннаш доьзалшна вуно хаза де хилла таханлераниг — 71 хӀусам йелла мискачу а, хала бохкучу а доьзалшна.

И доккха сагӀа даьккхинарг Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахлера Йукъараллин фонд йу.

Мехала болх, кхеташ ма-хиллара, тахана билгалдоккхуш хиллачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 71 шо кхачарна лерина бара.

ХӀусамаш кхаьчна доьзалш Курчалойн а, Гуьмсан а, Шелан а, Грозненски а, Хьалха-Мартан а, Нажин-Юьртан а, кхийолчу а кӀошташкара а, Соьлжа-ГӀалара а бара.

Цул сов, ГӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос а делла 27 цӀа.

И хӀусамаш Нажин-Юьртан кӀоштан бахархошна кхаьчна — хӀинццалц шайн хилла хӀусамаш латта текхачу меттигашкахь нисйаларца а догӀуш, керла хӀусамаш а йеш, охьабалийна уьш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: